Ураза-Байрам

24.05.2020

Хьомсара вежарий, йижарий, белхан накъостий!

Аса даггара декъалдо шу уггаре а коьртачех, уггаре а дукха дезаш долучу Марха дастаран денца!

 

Дала къобалдойла вайн марханаш а, кху сийлахь Рамадан баттахь мел йина йолу Iамал-Iибадаташ а.

Т1едог1учу шерашкахь юха лаца а, даста а Дала могушалла ма эшайойла вайна!

Таханлера вайн сирла сатийсамаш диканца кхочуш а хуьлуш, Дала жоп лойла вайн массо а доIанашна.

Ирс, аьтто, барт, синпарг1ато а хуьлда шун массеран а х1усамехь!

Ларамца, Аргунерчу дешаран департаментан куьйгалхо Кагирова Лиза.

 

Источник: public_news