Нохчийн меттан Де

25.04.2020

Хьомсара махкахой!

Тахана, х1окху 25-чу апрелан дезчу дийнахь, Соьлжа-г1алара Заводской районерчу М.С Ташухаджиевн ц1арахчу лоьмар 20 йолчу школан администрацин а, хьехархойн ц1арах даггара декъалдо шу Нохчийн меттан Денца! Тахана а, тахханалц а вайн мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указца 25-г1а апрель "Нохчийн меттан Де" д1акхайкхорца шуьйра схьайиллина ю халкъана шайн мотт 1аморан таронаш. Иштта схьакхайкхош ду оцу шуьйрачу таронех буьззина пайда а оьцуш, ненан мотт кхиорца, 1аморца къоман 1адаташ, г1иллакхаш, эхь-бехк вай дендан дезаш хилар. Школашкахь, телевиденехь, радиохь, газетан аг1онаш т1ехь шуьйра дуьйцуш ду Нохчийн меттан, г1иллакхийн, оьздангаллин мехаллех а, дозаллех а лаьцна. Ткъа уьш дерриш а вайн маттехула бен лела йиш йолуш а дац. Теша лаьа Нохчийн мотт кхиорехь, кхоман г1иллакхаш лардарехь, вай массара а кхид1а къахьоьгуш, оцу новкъахь баккхий кхиамаш бохург хиларх.Нохчийн мотт кхио а, цуьнан сий дан а хьуьнар а, хьекъал а кхочийла вайн массеран а! Дала т1аьхье беркате йойла х1окху Дийнан!!!

Ларамца М.С.Ташухаджиевн ц1арахчу лоьмар 20 йолчу школан хьехархой.