Нохчийн Республикин пачхьалкхан герб

15.06.2020

Пачхьалкх хилла яьлла хиларан тоьшалла ду, нагахь санна цуьнан билгалдаьккхина доза а, хаьржина Iедал а, шен билгалонаш а елахь. Билгалонашна юкъа байракх а, герб а, гимн а йогIу.

НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН ПАЧХЬАЛКХАН ГЕРБ⠀Карарчу шарахь тIаьххьара бинчу хийцамашца а догIуш, гонаха геральдикин турс а долуш ю иза [герб]:⠀

🔹Нохчийн къоман орнаментах лаьтта го - Абаден билгало;⠀

🔹Юкъара орнамент - Цхьааллин билгало;⠀

🔹Исс маьIиг йолу седа - 9 тукхамах лаьттачу нохчийн халкъан билгало;⠀

🔹Кан - нохчийн халкъан бахаман билгало;⠀

🔹Бутт - Ислам-динан билгало;⠀

🔹ТIеман бIов - нохчийн халкъан историн тIаьхьалонан билгало;⠀

🔹Буру туху бIов - республикин промышленно-экономикин потенциалан билгало;⠀

🔹Лаьмнийн баххьаш - Нохчийн Республикин уггаре а лекхачу ломан (Толаман Лам) билгало.⠀Iуналла деш ду "Нохчийн Республикин пачхьалкхан гербан хьокъехь" долу закон